ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн метта хIоттон стаг лехар, нохчийн министран дерзаза дов. КIиранан жамIаш


Кадыров Рамзан, Цакаев Алихан
Кадыров Рамзан, Цакаев Алихан

Нохчийчуьра орцан министрана гонахара дов, Кадыровн метта хIоттон тарлучух лаьцна талламбар а, Нохчийчуьра хьал Кадыровс талхадо аьлла цхьадолчу зорбанашна хетар а – цунах а, доцчух а хезар ду шуна Маршонан 60-чу подкастехь.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Цакаев Алихан а, цунна гонах дерг а

ШолгIа кIира а ду Дагестанехь Нохчийчуьра орцан министр, Кадыров Рамзанца цхьаьна дешна Цакаев Алихан лацарца доьзна дов лаьтта. Ницкъахоша дина "питана" дара и аьлла, Нохчийчоьнан урхалхочо дIахьединехь а, Цакаевн хьокъехь таллам бира, цуьнан жамIаш хIинцале а Талламан комитете дIакхачийна.

Дагадоуьйту, махкара орцан министраллин урхаллин куьйгалхо лецира охан-беттан 14-чохь Нохчийчоьнца дозанехь йолчу "Герзелан тIай" постехь. Къилбаседа Кавказан федералан гонашкара чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллин версица, машенашна дуьхьал богIучу некъаца вогIуш хилла хьаькам, иза дуьхьал хилла боху кехаташ гайта, ницкъахошка боьха бага а лейина, къайлавала гIоьртинера иза боху.

Леррина гIирс дуьхьал а баьккхина, аьтто хиллера боху цуьнан машен сацон, машенчуьра Цакаев охьавоккхуш хиллера ворхI полисхо. Масех телеграм-каналаша дийцарехь, нохчийн МЧС-н куьйгалхо мелла хилла, бакъду, официалехь и бакъдина дац.

ТIаьхьо Къилбаседа Кавказан федералан гонашкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхалло бинчу талламан зераш гучудехира. "Низам талхийнарг ларт1ахь лелаш вацара, оьгIазе вара, полицин белхахошна кхерамаш туьйсура цо", - аьлла ду урхаллин хаамехь. 26 шо долчу лакхара сержантан гех мийра туьйхира боху Цакаевс, ткъа 33 шо долчу лакхара лейтенантана гоьлах, йаздо Baza телеграм-канало.

Орцан министр лоцучуьра ваьккхира боху Кадыровн гонах болчара - хилла царлахь Кадыровца а, Цакаевца а цхьана классехь дешна вице-премьер волу Висмурадов Абузайд а. Baza каналан информацица, "Ахмат" спецназан эскархой бара боху "Герзелан тIайтIе" кхаьчнарш; ницкъахошна кхерамаш а туьйсуш, цхьанна йиттина, Цакаев шен машенахь дIавахийтира боху цара. Baza тIетовжу цхьахволчу ницкъахочо дийцарехь, нохчийн МЧС-н хьаькамо, ша лоцуш цигахь хилла массо а "горахIоттор ву" ша аьлла, дош делла.

Цига кхаьчначу нохчийн ницкъахоша Цакаев Алиханан хьокъехь протокол хIоттийра боху, цо некъан низам дохийна аьлла- иза а Нохчийчоьнан дозана т1ехь хилла ду аьлла, билгалдоккхуш йаздо "ВЧК-ОГПУ" телеграм-канало.

Шеца цхьаьна дешначуьнгахьа гIо доккхуш вистхилла Кадыров. Бакъонца доцуш Цакаев лаьцна хилла ницкъахой "структурашкара лахка" аьлла, цо бинчу кхайкхамна жоп лучу Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс дагадаийтина, "Герзелан тIай" пост федералан контролехь йу аьлла. Иштта цо кхайкхамбина, "дух-духа дуьйцуш хьал кхин тIе а талхочуьра совца" аьлла.

Нохчийн МЧС-н хьаькам лацарна тIехула иккхинчу девно чолхечу хьоле хIиттийна нохчийн а, дагестанхойн а хьаькамаш, элира адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центран кхеташонан декъашхочо Черкасов Александра: "Бакъдерг аьлча, дагестанхойн гаишникийн каравахначу кадыровхочух со ца хьега. ХIунда аьлча, оцу доллчух а жоп дала декхаре ву иза. И сацорна федералан ницкъахошна бехкаш дахкар – и цхьа экаме политикан хIума ду, кавказахойн хотIехь ду и. Амма цул тIаьхьа, тхайн "турпалхой" оха хьийзабойтур бац олуш. ЧIогIа чолхечу хьолехь бу дагестанхойн ницкъахой, хIунда аьлча, кадыровхошна дуьхьало йар, дайн аьлча, хала ду, хIумма а ца олуш хьо Iахь – жимма хьуо сийсазвина хета. Рамзан а нисло чолхечу хьолехь, хIунда аьлча, оцу "бакъахьа волчу" стагана таIзар ца дойла а йац, йа массарна а гуш, иза бехке ву бохийла а дац. Дагестанхойн Iедалхой а бу халчу хьолехь. Шайнаш дIа ца бийцар – мафиозин а, интернационалан а нехан хIума ду. Оцу тIехь лахло Кадыровн Iедал а, цуьнан дош лелаш хилар а. Цундела бохуьйту цо шен нах муьлхха а Iалашо кхочушйан, ткъа царна хаьа, шайгара хIуъа далахь а, шаьш кIелхьардохур дуйла, шайгахьа хир буй. Кадыровс муха элира Немцов верна таIзар динчарех лаьцна".

Кадыровн метта хIоттон кандидат лехар

Нохчийн "Ахмат" спецназан командир Алаудинов Апти хила тарло Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан метта хIоттон верг. Оьрсийчоьнан президентан администрацихь стохка гезгамашин-баттахь дуьйна сценарий кечйан йолийна, Кадыровн цамгар чIагIлуш хиларна, цIеххьана Нохчийчоьнан Iедал хийца дезахь а бохуш, йаздо "Новая газета Европа" хьасто.

Нохчийчохь оцу хаамах лаьцна аьлла дош дац, делахь а, и дийца даьккхинчул тIаьхьа Кадыровс шен социалан машанашкахь видео йаржийра спортзалчохь дIайазйина. Оцу суьрташ тIехь Кадыровс гантелаш лелайо, цо гойту шен латархочун корматаллаш шен гIоьнчана Даудов Iумарна тIехь. Фонехь хезаш йиш йу "Делан къинхетамца, хьомсарниг, вахалахь гуттар а" дешнашца йоьрзу.

"Новая газета Европан" хаамашца, 20I9-чу шарера схьа дуьйна панкреатит йухахьайаьлла цуьнан, и лазар зорхан йекхоьнан некрозах а, панкреатогенан асцитах а лоруш ду. Дийцарехь, оцу кепара дукхахйолчу меттигашкахь цомгашчарна дарба ца хуьлу.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун могушаллин хьал йуха а дийца даьккхира гезгамашин-баттахь, цуьнан кема Соьлжа-ГIалара Москва дахана, ткъа иттанашкахь нохчийн номерш йолу машенаш президентан дарбан цIенна хьалха хаайелча.

Гезгамашин-беттахь Кадыровн могушалла талхар, "Новая" газето бахарехь, доьзна хиллера пехашца лазар чIагIдаларца, "Дормикум" транквилизатор совйаккхарна. Хьалхо "Эхо Москвы" радиостанцин хиллачу коьртачу редакторо Венедиктов Алексейс чIагIдарехь, шахьарара дарбан цIийне валийнера Кадыров гемодиАлизах чекхваккха, пехашца долчу лазарца доьзна. Тхан подкастана лерина оцу талламбарх иштта шена хетарг элира Европехь болх бечу "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата.

"Алаудинов Апти Кадыров Рамзанан метта хIоттон кечвеш ву бохург хила тарлун хIума ду. Цу хьолехь Оьрсийчоьнан бахархошна иза гIоле хетар ву аьлла хета суна. ХIунда аьлча, иза шен интеллектан хьолаца а, ницкъаллин пачхьалкхан ресурсашца дакъалаьцна хиларца а царна пайден и рву Кадыровл а. Со реза воцург, иза Кадыров могуш воцуш хиларца доьзна ду бохург ду. Цкъа делахь, хIунда аьлча а, Пригожина гIаттам бинчу хенахь дуьйна, Путинан а Кадыровн а йукъаметтигашна тIехь Нохчийчохь долу урхалла лаьттара, иза шеконе диллина ду. Кхечу меттигашкахь санна генерал-губернатор хIоттон лаам гучубаьккхина дуккха а хан йу. Рамзан цомгуш хиларо и хIума тIечIагIдар доцург а, ша коьрта бахьана и ца хилла аьлла хета суна. Суна схьахетарехь, Алаудинов Апти веккъа цхьаъ хир вац, цу хьолехь кандиташ болуш кечбеш кхин а хир бу, кеста вайна уьш гучубовла там бу. Делахь а, цкъачунна цара хIинца Iоравоккхуш верг веккъа Апти ву, иза оцу хьолехь царна бIегIийла хила а там бу, суна гарехь", - дийцира Сулеймановс.

"Новая газета Европа": Нохчийчуьра хьал талхориг хилла Кремльна гергахь Кадыров

Федералан Iедална гергахь Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан культах а, монополих а хьал талхоран бакъдолу бахьанаш хIоьттина. Кадыров могуш вац бохуш, хабарш даьржинчу йуккъехула цуьнан метта хIоттон стаг хоржучу заманчохь Кремль кхерам боцуш Iедал кхечаьрга дала дезаш хиларан гIайгIа беш йу, аьлла ду "Новая газета Европа" хьосто кечдинчу регионан политикан ландшафтан таллам баран шолгIачу декъехь йаздина.

Материалехь къастийна Кадыровн метта хIоттон тарлучу цуьнан цхьа могIа гергарчийн а, бIанакъостийн а дика агIонаш а, кхачамбацарш а, Нохчийчохь церан дош лелаш хиларе а, федералан Iедало республикана тIехь урхалла дар Iалашдаре а хьаьжна. Публикацин авторша жамI дина, Кремльна царна йукъахь тIехваьлла дика кандидат карийна вац аьлла.

Когаметта стаг хIотторан хаттар листаро, билгалдоккху "Новая газета Европас", чолхе доху Кадыров Рамзанан хьуьнарш - цуьнан шеконашца хилар, шен куьйгакIел болчара лелочунна тIехь леррина терго латтор, политикехь уьш маьрша ца битар.

Оршотан дийнахь зорбане баьккхинчу талламан хьалхарчу декъехь чIагIдора, Кадыровн метта хIоттон нохчийн "Ахмат" спецназан командир Алаудинов Апти вогIуш хила тарло аьлла хетар Кремльна. Билгалдоккхура, могушалла бахьана долуш Кадыровн аьтто бац кхин дIа а мехкан куьйгалла дан. Газетана хетарехь, стохка гезгамашин-баттахь дуьйна Оьрсийчоьнан президентан администрацихь кечйеш сценарий йу, цIеххьана Нохчийчуьра Iедал хийца дезахь а аьлла.

Наркотикашна тIехула кхел йинчо бехк тIе ца лоцу

Висаитовн кIоштан кхело набахтехь даккха исс шо кхайкхийначу Соьлжа-ГIалара вахархочо Бацараев Турпал-Iелас дIахьедина, наркотикаш лелорна ша бехке цахиларх. Лаьцначул тIаьхьа кхаа баттахь полицин декъехь латтийна иза, лацарх кехаташ ца хIиттош. Оцу гIуллакхан хьолах лаьцна хиъна Нохчийчуьра Лакхарчу кхелан къасторехь. Бацараевн адвокато дIахьедира, кхелан хьесапаш догIуш цахиларх бехкзуламан гIуллакхехь хиллачуьнца, ткъа доллу тоьшаллаш эцна шина тешан кийтарлонаш тIехь.

Бехкевечо кхелехь дийцира, Грозненскан кIоштара чоьхьарчу гIуллакхийн декъехь ницкъахоша бертаза ша чохь латторах стохка дечкен-беттан йуьххьера дуьйна, ткъа цул тIаьхьа цу шеран зазадокху-беттан 2-чу дийне кхаччалц Соьлжа-ГIалара номер 3 йолчу полицин декъехь ша сецорах.

Оцу заманчохь полисхоша цхьа а процессуалан кехат х1оттийна дац – церан леларан терго йинчу Нохчийчуьра прокуратурина цхьа а кхачамбацар хааделла ца хилла, цара дуьхьало йина хилла ницкъахошна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх делла.

Нохчийчуьра Лакхарчу кхело дина таIзар йухадаьккхира, амма ца дира и бехкевечун латкъамехула, формалехь цхьа ледарло йитина аьлла прокуратуро чуйеллачу апелляцица доьзна хиллера. Кхелехь адвокато мел а лахара хан тоха цунна бохура, ткъа Бацараев Турпал-Iелас бехк тIе ца лоцура, ша бехказваккхар доьхура цо. Оцу тайпа цхьаьнацадараш нисдаларна, гIуллакх хьалхарчу инстанцин кхеле дIакхачийна йуха таллийта.

2015-чу шарахь цкъа кхел йина ву Бацараев, гIаттамхошна гIо латтийна ву аьлла а, патармаш лардеш латторна а. И тIемало вуй хуъушшехь, шена вевзаш волу цхьа накъост машенахь дIакхетийна цо бохура.

Нохчийчуьра вахархочо кхелехь дийцинера, ша тIевеъна аьлла кехат полисхоша ток йеттийтинчул тIахьа, цара хьеха а хьоьхуш йаздира аьлла. Соьлжа-ГIалин гарнизонан кхело хIетахь йукъарчу рожера колонихь даккха ворхI шо кхайкхийра цунна.

Могушалла телхинехь а, маьрша ца йоккху Мусаева

Устрада-ГIалара колонихь йолу, цхьа могIа дIа ца йовлу цамгарш токхучу нохчийн оппозиционерийн ЯнгулбаевгIеран ненан Мусаева Заремин могушалла йуха а цIеххьана галъйаьлла, йола а ца йалало иза, дIахьедо цуьнан кIанта, бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара.

Мусаева дарбан цIийне йуьгуш йу аьлла, йаздина Янгулбаевс шен телеграм-каналехь. Кавказ.Реалии сайтана йеллачу комментарихь цо дийцина, Нохчийчохь бехачу шайн генарчу гергарчу нахера хиъна шена ненан могушалла эшна хиларх. Цара хаамбинера, ур-атталла Iасанашца а лелалуш йац иза, гIудалкх чохь дIасалела аьлла.

Цунна хетарехь, цуьнан бахьана доьзна хила тарло колонихь Мусаевана "говзалла йолу лоьраш а, дика молханаш а" кхачош цахиларца.

Ишта билгалдоккху бакъоларйархочо, цунна хетарехь, Мусаева йолчу камери чу колонин белхахой бахначух тера ду, дукха хан йоццуш кеп-кепарчу зорбанашна Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан могушаллех а, политикехь хиндолчух а лаьцна а цо йелла комментареш дIагайта. Иза тешна ву, цара цунна психологин Iаткъам бина хир бу аьлла – хетарехь, тIаккха кхин а тIе "вон хиллачух тера ду цунна".

Дахначу кIиранах Мусаева Заремин могушаллин хьолах лаьцна дина жамIаш хийцира лоьрийн комиссино Нохчийчохь. Хьалхо хIоттийначу диагнозехь билгалдаьккхинера, шолгIачу кепехь йолу цуьнан диабет дуккха а чIагIйелла йогIу аьлла, ткъа хIинца йаздина диабетца чолхаллаш йац аьлла. Оцу тIехула Мусаеван дог дохийла а йац могушалла бахьана долуш набахтера арайоккхур йу аьлла, кхетийра цуьнан адвокато Савин Александра.

Ши кIира хьалха Мусаевас дийцира ша йолчу веанчу шен адвокате Савин Александре инсулинан барам шена совбаккхарх дукха хан йоццуш дарбанан цIийнехь шен могушалла зийначул тIаьхьа. Иштта масех кIиранашкахь когехь лаьттинчу са ца тохалучу лазарша буса наб йайъинера цуьнан, даим лазар теден молханаш мела декхаре йара иза, церан барам а алсамбаьккхинера.

Мусаева дарбанан хIусаме охьайилларх хаамбира зазадокху-бутт бовш. ХIетахь лазарш доцург а, цо латкъамаш дора цIеххьана бIаьрса лахделла шен бохуш – цуьнан бIаьргашна дуьхьал марха йеана аьллера лоьраша.

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

  • Google Podcasts
  • YouTube
  • Spotify
  • Overcast
  • Amazon

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG