ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвара полицихь махкара вахархо валарана бахьана ша шена тIе куьйгаш дахьар ду аьлла Нохчийчуьра омбудсмено


Солтаев Мансур
Солтаев Мансур

Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансура "бакъоларйархойн официалан версина" тIетевжина дIахьедина, республикера вахархо Успанов Асхьаб Москвара полицин декъехь ша шена тоьхна велла аьлла.

Цунах лаьцна хьаькамо йаздина шен телеграм-каналехь. Успановн гергарчара бахарехь, "Крокус Сити Холл" концертан хIусамехь теракт йале масех сахьт хьалха лаьцна вара иза аьлла, тIетоьхна цо.

Полицихь волчу цо ша шена тIе куьйгаш хIунда даьхьна хилла, чIагIдеш ма-хиллара, Солтаевас билгал ца даьккхина.

Омбудсмено билгалдоккху, Успановн кхалхар шен контролехь ду "йуьхьанца дуьйна", хиллачух кхачам боллуш таллам бойтур бу ша аьлла.

ХIара дуьххьарлера Iедалхоша Успанов Асхьаб кхалхарх лаьцна бина хаам бу, Солтаев тIетуьйжу "ницкъахойн официалан верси" зорбане йаьккхина йац.

Успанов валарх нохчийн оппозицин 1АДАТ телеграм-канало а, "Агентство" гIирсо а йаздира, "Крокус Сити Холлехь" теракт йинчул тIаьхьа буьйсанна иза лаьцна хиларх а.

Охан-беттан 1-чохь 1АДАТ боламо зорбане йаьккхира, чIагIдарехь, цуьнан дегIе хьожуш йазйина видео а: цу тIехь цхьана стага боху садукъийна лараш йу цунна тIехь, ткъа полисхой лерина бу, цо ша шена тIе куьйгаш даьхьна аьлла, дIакхайкхон.

  • "Агентство" гIирсе иза валар бакъдина цуьнан нанас. Цо дийцарехь, лаьцначул тIаьхьа шен хIусамнене телефон тоьхнера цо, "ша цIена ву", шена тIаьхьа дахка ца оьшу аьлла. ТIаьхьо йуха а зIене ваьлла хиллера иза, ша шогалла лелийна полисхошца, тIаьхьадуьйла аьлла. Ши сахьт даьллачу заманчохь Успановн хIусамнана полици цунна тIаьхьайеъча, ницкъахоша аьлла хилла цуьнга, иза кхелхина.
  • 1АДАТ каналан хаамашца, Успанов лаьцнера социйлехь автобус ларйечу заманчохь. ТуьтмIаьжгаш йоьхкина нах тIелеттера цунна, кхо дуьхьало йинера, уьш полисхой буй а ца хууш. Полицин декъехь Успановна ницкъбина, цунах кхалхар а нисделла цуьнан, йаздира канало.
  • Зазадокху-беттан 22-чохь суьйранна, камуфляжан духарца волчу масех стага автоматаш йиттира Москвана йистехь йолчу концертан зал чохь. Цул тIаьхьа эккхийтар дира, йоккха цIе а йолуш. Оцу бохамехь тIаьххьарчу хаамашца велла 144 стаг, шайлахь кхо бер а долуш. Мел лахара а 55I стаг ву цигахь зенаш хилларг. Официалехь боцчу хаамашца, тIепаза вайна лору шву 95.
  • Терактах бехкзуламан гIуллакх ду айдина. ТIелатар кечдарна а, и кхочушдарна а Оьрсийчохь лаьцна итт стаг. Царлахь ву боху тIелатар дина аьлла лаьцна виъ стаг а, Таджикистанан бахархой; царна тIехь ницкъбина.
  • "Крокус Сити Холлна" тIелатар дарх жоьпалла шайна тIелецира дуьненайукъара "Исламан пачхьалкх" тобано, дуккхаъчу пачхьалкхашкахь терроран лоруш йу и. Кхузахь дуьйцург ду овхIанхойн "Вилаят Хорасан" гара.
  • Подмосковьера "Крокус Сити Холехь" теракт йинчул тIаьхьа тIелетарш долийра мигранташна а, славянхойн куьцехь боцчу Оьрсийчоьнан бахархошна а. Мигранташа латкъамаш до ницкъахоша Iаткъамбарна а, ксенофобина а. МухIажаршна йетта, уьш бехачу хIусамаш чу а лелхаш, Оьрсийчуьра арабоху уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG