ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь тIом барна Астраханера вахархочунна наркотикаш тIехула тоьхна хан йацйина


Оьрсийчоьнан эскархой бу Нохчийчохь. 2000 шеран чиллан-бутт
Оьрсийчоьнан эскархой бу Нохчийчохь. 2000 шеран чиллан-бутт

Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело йухалистина Астраханера вахархочо Якъуб Олега (Ермаков) наркотикаш йаржорца доьзна гIуллакх. Йуьхьанца исс шой, бархI буттий тоьхнера цунна колонихь йаккха – хан ворхI шарна тIе охьайаьккхина Якъуба Нохчийчохь а, Дагсетанехь а 2000-чу шеран гIуран-баттера 2001-чу шеран охан-батте кхаччалц тIемашкахь дакъалацарна. Оцу йукъанна Iедалан къепехула 10 шарна тIера 20 шаре гергга хан кхачайора цунна набахтехь йаккха.

Астраханан вахархо лецира цо дIатаIийна хиллачу 44 грамм наркотикашна тIехула. Боккхачу барамехь лерира и. Кхелехь билгалдаьккхина, закладчик балха хIоьттинера Якъуб Олег маьхза наркотикаш шена хилийтархьама, хIунда аьлча, царах пайдаоьцуш ву иза. 2019-чу шарахь Астраханера кхело колонихь даккха итт шо гергга хан кхайкхийра цунна.

"ТаIзаре хIоттийнарг зулам дечу заманчохь а даймокх Iалашбеш тIамехь дакъалаьцна вара, делахь а и тIе ца чIагIдира кхел хилале гIуллакх толлучу хенахь а, йа кхелехь дов хоттуш а", - билгалдаьккхина Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелехь.

ХIара дуьххьара гIуллакх дац Якъубан – 2017-чу шарахь шозза кхел йира цунна некъан низамаш дохорна, колонихь даккха бархIо шо кхайкхийра цунна оцу тIехула.

  • Тутмакхашлахь къастийна Украинерчу тIамехь дакъалацийта хьовсийначу Къилбан тIеман гонашкара "Шторм Z" тобанийн эскархошна луш дац тIемашкахь дакъалаьцна бу аьлла тоьшаллин кехаташ. И доьзна хила тарло страховани йина компенсацеш дIадаларца.
  • Астраханера Кировн кIоштан кхело бехке лерина Яшин Александр шена вевзачу накъостана зен дарна къобалйазчу Ичкерин статусах хиллачу къовсамна тIехула. Шеца къаьркъа молуш хиллачуьнга хаийтина хиллера Яшина, Нохчийчохь шолгIачу тIамехь дакъалаьцна ву ша десантхо санна, ткъа волайнхочо "дийцинера, вукху агIор болчаьрца вара ша, командир а хилла ша, шен куьйгакIел 30 стаг а вара, шаьш оьрсийн салташна арсаш хьоькхура" аьлла. Эххар а Яшин "холчахIоьттина хиллера", тIаккха шена вевзаш волчунна тIелеттера иза.
  • ГIебарта-Балкхаройчуьра Прохладненскан кIоштан кхело йихкина Нохчийчохь хьлахара тIом боьдучу хенахь Оьрсийчоьнан салтий йукъахь болуш 10 минотехь йоьду видеоролик. КIоштан прокурор ваьллера искаца кхеле.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG