ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн политикан тутмакхан Мусаева Заремин могушалла эшна йогIу де-дийне


Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

Устрада-ГIаларчу колонихь латточу нохчийн оппозиционерийн, вежарийн ЯнгулбаевгIеран нанна Мусаева Заремина луш хиллачу инсулинан барам алсамбаьккхина. Цхьа могIа шен дегIаца цадоьрзу лазарш ду цуьнца, диабет а цхьаьна. Цу тIе бIаьргашчохь катаракта а гучуйаьлла, даим а лазар теден молханаш моьлуш схьайогIу иза.

Цунах лаьцна хаамбина "Iазапашна дуьхьал Командо", дукха хан йоццуш Мусаева йолчахь хиллачу цуьнан адвокатана Савин Александрна тIетевжина. Цо дийцина, инсулинан барам алсамбаьккхина шена дукха хан йоццуш дарбан цIийнехь могушалла теллинчул тIаьхьа аьлла. Иштта тIаьххьарчу масех кIиранчохь буса наб йоцуш коге деттачу лазаро хьийзочу цо даим а лазар теден молханаш йу моьлуш, церан барам а тIетоьхна цунна.

Лоьрийн декъан хьаькаме дехар дина адвокато Мусаевана кхачам боллуш дарба латтор доьхуш, хIунда аьлча, лазар меттах ца далийта оьшу дарба цунна деш цахиларна.

Савина билгалдаьккхина, карарчу хенахь йукъ-кара лоьраша динчу жамIийн кехаташ бен дац шайн карахь, кхин а тIе лазарш билгалдоху хан йахйан сацамбина комиссино аьлла. Делахь а, адвокато билгалдаккхарехь, "охан-бутт чекхбалале могушаллица доьзна хенал хьалха иза арайаккха сацам баре ладоьгIуш ду" шаьш аьлла.

Зазадокху-бетт бовш хаамбира Мусаева дарбан цIийне охьайуьллуш йу аьлла. ХIетахь, лазарш доцург, цо латкаъмбора бIаьрса лахдаларна а – катаракта хилар гучудаьллера.

Зазадокху-бетт йуккъе баьллачу хенахь дийца даьккхира, Устрада-ГIаларчу колонихь шина баттана дIадахдарх Мусаева хенал хьалха арайоккхуш, цуьнан могушалла талла оьшуш йолу медкомисси вовшахтохар.

  • 2022-чу шеран дечкен-баттахь Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха I5 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна бехке а йира и.
  • Товбеца-баттахь Соьлжа-ГIалахь Мусаевана пхи шо ахшо хан кхайкхийра набахтехь йаккха, тIаьхьо хан йацйира кхин а эхашарна. Апелляцин кхеташонехь Мусаевас дакъалецира видеозIенехула, могушалла ледара хиларна кхело пурба делира цунна хиъна Iен. Адвокато Савина бахарехь, "дика лоьрийн реабилитаци" оьшура зудчунна.
  • Бакъоларйархошна хетарехь, цунна тIаьхьабовлар "цуьнан доьзалера божарий цIа бахкийта Iалашонца, йа царна бекхам беш" дина хIума ду аьлла. Адвокаташа дIахьедора цуьнан гIуллакхца харцонаш лелорах. 2023-чу шеран гIуоан-баттахь хенал хьалха Мусаева Зарема набахтера арайаккха дуьхьало йира.
  • ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсира Кадыровс, Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. Дукха ца Iаш шен кхерамаш хазийра цо дIайазйинчу видео тIехь. Кхерамашна тIетайра нохчийн лаккхара ницкъахой а, хьаькамаш а, Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал хIоттийна митинг. Цигахь дагийра, когашца хьийшира, этIийра церан суьрташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG