ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Пропагандин коьрта дакъалг": малхбузера гоьбевллачу нахах муха пайдаоьцу Москвахь а, Соьлжа-ГIалахь а


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Чиллан-беттан йуьххьехь президенто Путин Владимира Москвахь интервью йелира америкахойн Fox News телеканалан хиллачу журналистана Карлсон Такерна. Шина сахьтехь гергга Путина динчу къамелах лаьцна бистхиллачу кIезигчу губернаторех ву Нохчийчоьнан урхалхо Кадыров Рамзан. Цуьнан телеграм-канале хIоттийначу посто нохчийн политикан статус тIечIагIйина, Оьрсийчоьнан пропагандин коьрта дакъалг иза хилар, аьлла хета Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташна.

Сталинан масалца

Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедина, Путина "чIогIа дика кхетийна хилар СВО-н (Оьрсийчоьнан Iедалхоша иштта олу Украине чугIортарх. – Редакцин билгалдаккхар) лаамех а, Iалашонех а. Бакъду, блогершна а, оппозиционерашна а, эксперташна а президентан къамелехь ца хааделла, луларчу пачхьалкхана тIелата цхьа а шеко йоцу аргумент.

"Гирий шуна, Карлсона интервью хир йу аьлла, хаийтинчул тIаьхьа малхбузера хаамийн гIирсашкахь моха йар: КIайн цIа а кхераделлера", - йаздира шен телеграм-каналехь Кадыровс, "боллу дуьненан президенташлахь уггар а диканиг" ву аьлла, Путинан цIе а йоккхуш.

Малхбузера зорбанан гIирсашкахь Путинан интервью бахьанехь оццул йоккха паника йара бохург, - шеконе ду, билгалдаьккхира Кавказ.Реалиина комментарий йеллачу америкахойн Iедалхошца йозуш йоцчу Jamestown Foundation организацин аналитико Гобл Пола.

"Цхьа могIа гIирсашкахь йаздора, иштта политикаша а шайн эргIадалла гайтира, Путина аьллчунна тIехула, тIеман агресси бакъйан гIерташ, амма интервью йарна дацара и. Масала, оцу тайпа Iаткъаме йолчу малхбузера ресурсашна интервью йаларх пропагандин инструментах санна пайдаоьцура Сталин Иосифа а, Советан заманара диктаторо леллийнарг деш схьавогIу Путин а", - аьлла хета Гоблна.

Iалашонаш а, аудитореш а цхьана ца йаран масал хилира Карлсонан а, Путинан а хилла къамел, билгалдоккху Къилбаседа Кавказехула аналитик волчу Чемберс Гарольда. Америкахойн зорбанан гIирсийн повестки йукъа Кремлан пропаганда йалон лиира тележурналист хиллачунна (масала, New York Time газетехь оцу интервьюх лаьцна иштта йара йуьхь – "Украинехула дийцаршка кхайкхина Путина), оцу йукъанна Оьрсийчоьнан президентана лиънера малхбузера хьовсархой кхетон, тIом баккхаран шен бахьанех.

"Кадыровс "истерия" йара бохург, ас эр дара оцу факто оьгIазбахийтар дара, демократин мехкан вахархо Москва а вогIий, Путинан раж "цIанйан" хьийза Украинехь ирча тIом боьдучу заманчохь. Цу тIе Карлсонна хIуммаъ а хир дац оцу тIехула. Кадыров Рамзанан рогIера хобби гуш йу Малхбузенан "троллинг". Цуьнан комментарийно йуха а и ишта хилар дIагойту", - дерзийра Чемберса.

Кремлан агентийн нохчийн вояжаш

Дуьххьара шо дац Оьрсийчоьно малхбузен аьтту политикех а, йукъараллех хетачун лидерех а, иштта гобьевллачу артистех, спортхойх шен пропаганда йаржош пайдаоьцу. Масала, Нохчийчу кхуьйлура уьш "тIом хиллачул тIаьхьа йухаметтахIоттийначу" республикин хатI дIагайта.

Оьрсийн культурехь дIоггара дика йоцу термин йу –

"басурманаш" – КадыровгIарех аьлла ду-кх и

Масала, 2010-чу шарахь Нохчийчу баьхкира ингалсан депутаташ, шайн коьртехь ПАСЕ-хь Британин парламентан делегацин декъашхо волу лорд Джадд Фрэнк а волуш. Цул а хьалха Москвано Нохчийчохь лелочу политикана шен-шен рожехь критика йора цо, доккхачу декъанна, 2003-чу шеран зазадокху-баттахь конституцин референдум сиха дIайаьхьна бохура. Амма цул тIаьхьа ворхI шо даьлча билгалдаьккхира йоццачу хеначохь цецвоккхуш республика меттахIоттийна хилар.

2012-чу шарахь Нохчийчу баьхкира Австрин депутаташ – Кадыров Рамзанца цхьана а кхийтира уьш, цул тIаьхьа регионера хьал хестийра цара. Гайтаме ду, делегацин цхьахволу декъашхочух – Венера парламентан депутатах Австрин Маьршачу партин векалх Хубнер Йоханесах шеконаш хилира. И доьзнера 2023-чу шеран йуьххьехь Кремлера ахча кхачарца, Оьрсийчоьнехьа нарративаш хьалхатоьттуш дIасакхехьийтина кехаташ гучудевлча. Доккхачу декъанна, 20 эзар евро делла хила тарлора цунна, Оьрсийчоьнна тоьхначу санкцешна дуьхьал вистхиларна.

Стохка стигалкъекъа-баттахь, кху шеран дечкен-баттахь а Соьлжа-ГIала веара Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн хIордан пехотин талламхо хилла Риттер Скотт - Оьрсийчоьнан медиаша масийттаза пайдаийцира цунах Украинана тIелатар нийса дара алийтархьама. Йоллу пачхьалкхера йолахой кечбен Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университет" олу база а гайтира хьешана, Соьлжа-ГIалахь дIахIиттийна масех эзарнашкахь болу нохчийн эскархой а гайтира.

"Оцу бараме хьаша кхайкхинера оха, Американа а, йоллу Малхбузена а дIахаийта тхешан баккъал а Iалашонаш хилар, дуьненна дIагайта, Оьрсийчоьнан а, цуьнан бахархойн а интересашна эшам бойтур боций а, тхаьш йухадевр доций а", - дIахьедира хIетахь Кадыровс.

Риттер Скотт
Риттер Скотт

Дуккхаъ нах Iада а беш, хIума элира цо Риттере: украинхойн тIеман 20 йийсархо хуьйцур ву ша, нагахь санна, шен доьзалхошна тоьхна санкцеш йухайахахь аьлла. Риттер Вашингтонехь дош лелаш, йа америкахойн политикашца дIасахийцарх дерг дийцаредан таро йолуш ву моьттинчух тера дара мехкан урхалхочунна. Цуьнан дIахьедаро эргIадбахийтира Оьрсийчоьнан пропагандисташ а цхьаьна, цундела Кадыровн го "троллинг" и йолуш санна, дIадерзон гIоьртира.

Къегина пропаганда хиларан кхин а цхьа масал ду. Стохка чиллан-баттахь пачхьалкхан "Грозный" телеканало зорбане хIоттийра, Украине гIортар нийса ду бохучу немцойн "Compact" журналан коьртачу редакторон Эльзессер Юргенан къамелан кийсак.

Оцу йукъанна ЧНТРК-с билгал ца даьккхира, Эльзессер масийттаза бехкевина хилар, Германихь а цхьаьна, исламофобин, расистийн, антисемитан а, националистийн а хьежамашца вистхиларна. Диллина Кремлехьа йу бохучу "Германинан альтернатива" партигахьа хиллера Эльзессер. Эльзессаран журнало "Керста Европан тIеман толам бу чугIоьтинчу исламна тIехь баьккхинарг" элира, 1995-чу шарахь Сребреницехь бусалба боснихошна тоьпаш йеттар. ХIетахь бархI эзар сов стаг вийра.

Йесалла а, бIостаналла а

Оьрсийчоьнан Iедалхой кхеташ бу, дозанал а арахьарчу информацин шортехь шайна маьIналла а, сий а довш хиларх, билгалдаьккхира Кавказ.Реалиин корреспондентаца Оьрсийчоьнан агрессина дуьхьало латточу Дуьненайукъарчу центран эксперто Громаков Дмитрийс. ХIетте а Оьрсийчоьнан позици интересе йац арахьарчу хьовсархошна, цундела Москва декхаре хуьлу Карслон Такер санна болчу нехан гIоьнца шайца бала хилийта хьовса.

"Путинан кхин ала хIума дац, Оьрсийчоьно масех шарахь хьалхатоьтту тезисаш йу цо йухайуьйцурш, делахь а, Кремльна чIогIа маьIне дара шен дуьненан сурт Малхбузена дIагайтар", - билгалдоккху эксперто.

"Иблисашца" тIом беш ду бахар Малхбузехь тергал ца до

Коррупцин схемашца Малхбузенан медиан нахах пайдаэцарх лаьцна дуьйцучу Громаков Дмитрийс, тидам тIеузу: дукха хIуманашца и хьажийна ду чоьхаьрчу нахана аьлла. Арахьарчу пачхьалкхийн "кхетам болу" бахархой Москван политикехьа бу бохуш, Оьрсийчоьнан бахархой тешон хьийза. Оцу пропагандин цхьахйолу элемент йу – ламастин мехаллаш лоруш йерг дуьненахь цхьа Оьрсийчоь йу аьлла "месседж". Нохчийчоьнан урхалхочо, масала, кест-кеста дIахьедо, Оьрсийчоьнан эскар Украинехь "иблисашна" дуьхьал тIемаш беш ду, малхбузенан дуьне боьхалло лаьцна бохуш.

"Оцу тайпа проблема Малхбузехь йац. Оьрсийчоьнал а алсам керстан динехь йу и. И тема тIех йарстийна Оьрсийчоьнан пропагандо дIагайтаран а тоьшаллаш оьшу, ткъа уьш доцуш ду. Гей-парадийн тема а, йукъаметтигашца маршо хилар а Малхбузехь билгалдаккха тарло толеранталла хиларца, амма европахойн а, америкахойн а дукхаболу доьзалш божарех а, зударех а бу. Цундела "сатанизмаца" тIом бо бохург цара чоьте ца лору", - дерзийра эксперто.

Аьтту агIор берш шайгахьа ийзина ца Iаш, аьрру хетарг долу лидерш а цхьана дIаийзабо цара. Масала, америкахойн кинорежиссеро Стоун Оливера – Путинах лаьцна кино йаьккхира (америкахойн зорбанашкахь критика йира цунна лолла долуш хиларна), ткъа цуьнан кIант Шон Russia Today (RT) гIирсаца болх беш ву, дагадаийтира "Либералан мисси" фондан кхеташонан декъашхочо Жаворонков Сергейс.

"Арахьарчу пропагандина интересе ву Кадыров аьрру агIор хетачуьнца, цо денна бохург санна дIахьедо доллу дуьненчуьра "бакъонаш хьоьшучу бусалбанашна" тIехIуьтту ша бохуш, - дуьйцу спикеро. – Оцу йукъанна дицдан мегар дац, масала, дукха зударий кхийла мегар ду бохуш, цо къобалдар Оьрсийчоьнан ламастин мехалла йац, амма оьрсийн культурехь башха дика йоцу цхьа термин йу "басурманаш" аьлла – КадыровгIарах лаьцна ду-кх и".

Жаворонковс тергал до, Карлсонна президенто йеллачу интервьюхь Путина башха ца хьахийра "ламастин мехаллаш", ткъа Украинан тIелатаран коьрта бахьана ма лору цара и.

"Схьаоьцур вац веккъа цхьа Путин – официалехь зудчуьнца къаьстина, ши бер долуш стаг ву иза, дукха хан йоццуш Оьрсийчоьнан бахархошка кхайкхамаш ма-барра, бархI бераца вац", - дерзийра къамел эксперто.

Оьрсийчоь шуьйрачу тIамца тIелетчхьана пачхьалкхан пропагандин даккхаха долу дакъа Нохчийчохь Украинах лаьцна ду. Оьрсийчоьнан пропагандин коьрта рупор хилла Кадыровх – шина шарчохь цуьнан телеграм-канале йазбеллачийн терахь масийттаза лакхадаьлла, оккупаци йинчу дозанаш тIехь йаьхна "тикток-роликаш" зорбане йоху цо. Цул совнах, Нохчийчоьнан урхалхочо ЧВК "Вагнер" тобанан долахочуьнца йукъахь, цо бунт гIаттайале хьалха, критика йора тIеман министраллин куьйгаллина.

  • 2017-чу шеран гIуран-баттахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло санкцийн "Магнитскийн тептаре" ваьккхира Нохчийчоьнан куьйгалхо. Урхалло цунна тIедиллира кхел йоцуш нах байарх, гIело хьегийтарх жоьпалла. США-н бахархошна а, резиденташна а дихкира цаьрца бизнес лелор. Украинерчу тIамца доьзна санкцеш тоьхна Кадыровна а, цуьнан гергарчу нахана а.
  • Кадыров Ахьмадан цIарах фондо петарш йелира ЧГТРК "Грозный" телеканалан редакцин исбаьхьаллин программийн шеф-редакторна Арсалиева Дюбина а, "Вайнах" ГТРК-н директоран гIовсана Арипханов Асламбекна а. Цунах лаьцна хаамбира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
  • 2024-чу шарахь Нохчийчохь болх бан йолалур йолуш йу регионалан контент-центр. Цуьнан белхахой декхаре хир бу меттигерчу министраллийн а, урхаллийн а социалан машанашкара агIонашка хIиттон посташ йазйан. Республикин куьйгалхочо къаьстина терго латтайо медиахь шен васт даржош, билгалдоккхура Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу эксперташа. Бюджетан белхахошка позитиве комментареш йуьтуьйту цуьнан посташна бухахь, ткъа регионерчу хаамийн гIирсех пайдаоьцу пропаганда йан а, бакъоларйархошна критика йан а.
  • Кавказ.Реалии сайто йаздира, шайна муьтIахь йолчу медиаресурсех республикера Iедалхоша муха йина пропагандин а, Кадыровн рожаца къийсам латточу критикашца дуьхьало йен а рупорш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG