ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Терроризмаца къийсам латтор харцахьадаккхар": "Крокус Сити Холлехь" дина тIелатар а, Къилбаседа Кавказера даIиш а


ТIелатар динчул тIаьхьа "Крокус Сити Холл" концертан залах диссинарг, 2024 шо, зазадокху-беттан 23-гIа
ТIелатар динчул тIаьхьа "Крокус Сити Холл" концертан залах диссинарг, 2024 шо, зазадокху-беттан 23-гIа

Подмосковьера "Крокус Сити Холл" концертан зал чохь теракт йинчул тIаьхьа, официалан хаамашца велла цигахь 130 стаг, кхин а алсамдала тарло церан терахь. Цхьахйолчу версица, тIелатарна бехке йу "Исламан пачхьалкх" ша шех олу организаци – тIелатарх жоьпалла шайна тIелаьцна цара. Кавказ.Реалии сайто дуьйцу, тIаьххьарчу хенахь Къилбаседа Кавказехь а, Оьрсийчоьнан къилбехь а террорхойн тобано лелочух.

ДаIиш хила тарло концертан залана динчу тIелатарна бехке аьлла, дуьххьара дIахьедира "Настоящее Время" телеканалана йеллачу интервьюхь талламаш бечу Грозев Христос. Оьрсийчохь теракташ йу кечйеш аьлла, зазадокху-беттан йуьххьехь Малхбузера кхаьчначу хааман терго йира цо. Цу тIехь дуьххьалдIа бохура, "Москвахь дуккха а нах вовшахбетталу меттигашна, ишта концерташкахь а" зуламхой тIелетарш дан Iалашо йолуш бу аьлла.

"Нийсса дIахаийтина дара, "йукъара" хаам бара и бохуш, Оьрсийчоьнан агIоно латкъамаш динехь а, ИГИЛ-К-н агIор теракташ хила мега аьлла, массарех а хьакхалуш дара и. ИГИЛ-К – дуьненайукъара террорхойн ИГИЛ организацин овхIанхойн гара ду. Цхьа шийла Оьрсийчоьно жоп деллашехь, шайна и дIахьедар бух болуш ца хета а баьхнашшехь, оцу организацин ши векал лаьцнера Оьрсийчоьнан дозанаш тIехь, америкахойн талламчийн хаамашца, тIаьххьарчу шина кIиранчохь. Цундела хIара доьзна хила тарло", - кхетийра Грозевс. Амма кхинйолу версеш йукъара ца йехира цо, иштта Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн агIор йина хила тарлун провокаци а.

Дикка кечдина шаьш цхьа говзанчаш долуш санна хьийзара тIелеттарш, тIаккха иштта делахь, герз а, гIагI диллина жилеташ а охьа стенна тийсина цара?

Украина цуьнца йоьзна хиларх талламхочунна теша тамаш бу аьлла хета; Киевехь дIахьедина, "Крокусна" динчу тIелатарца шаьш цхьана а агIор доьзна дац аьлла. Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташонан комитетан куьйгалхлочун хьалхарчу гIовса Бондарев Виктора хазийна бехкашдахкар а цара йухатеттина. "ТIейогIучу ханна а Украинана дуьхьал латтар Оьрсийчохь кхин а тIе даздеш, Кремлан питана ду оцу кепара бехкаш дахкар", - жоп делира Украинан арахьарчу гIуллакхийн министралло.

"Исламан пачхьалкх" шех олу тоба гунахь хила тарло терактана аьлла цхьана декъана резахилира кхин журналист-талламча Левиев Руслан, Conflict Intelligence Team тоба кхоьллина волу.

"ДаIишхой хила а тарло уьш, церан цхьа дакъа хьалха а санна оццу Шемахь долуш ду, Оьрсийчохь церан агIончаш бу, цара дог ира-кархIоттийна. Цхьа кхин террорхойн тобанаш хила а трло, бусалба йацахь а. Цкъачунна, муьлха тоба йу бехке, версиш йовзйита хало ду. Амма оха цкъачунна йа ФСБ-х, йа Украинех версеш йийцарейина йац – сил даккхий бехкаш дахка даккхий тоьшаллаш ма оьшу, ткъа уьш карарчу хенахь доцуш ду", - дIахьедира Левиевс "Дождь" телеканалан эфирехь.

И хьал гинчара дийцарехь, и барам шуьйра хиллехь а, (концертан залехь тIелатар деш цу чохь хила тарлора йалх эзар стаг), ткъа "Крокусан" ца хилла бакъоларйаран органашкара белхахой а – чхьонкаршца хадархой бен ца хилла цу чу воьддучохь. Зуламхой дуьхьало йоцуш маьршша чубахна гIишлона, тIаккха герз детта долийна цара, концертан залана масех километр дехьа ОМОН-н база йоллушехь, тидамбина The Insider ресурсан шеф-редакторо Доброхотов Романа. Хила тарло аьлла хета цунна, тIелеттарш "Исламан пачхьалкх" шех олучу организацин цIарах лелла.

"ДаIишан хила тарлучу бахьанех дерг аьлча, уьш а хила тарло: вайна хууш ду, тIаьххьарчу шарахь Оьрсийчоьно жигара уьйраш тесна ГIажарийчоьнца. Украинаца болийна тIом бахьанехь а, дронаш латторца а доьзна хилла а ца Iа и, Гергарчу Малхбален кеп-кепара проблемаш бахьана долуш хила а тарло, иштта бух бу аьлла хета, Оьрсийчоьно ГIажарийчоьнан Израильца болчу къийсамехь гIо дина хиларца а. Аьлча а, тахана ДаIиша тIемаш бечу, ГIажарийчоьнна террорхойн тIелетарш дечу цуьнца жигара гергарло чIагIдина.

Цундела магийта йиш йу, оцу кепара Путин Владимире "маршалла" дала церан мотиваци хилар", - дIахьедира Доброхотовс.

Зазадокху-беттан 22-чохь зорбанан гIирсаша хаамбира, "Исламан пачхьалкхо" жоьпалла шайна тIелаьцна "Крокусехь" динчу тIелатарх аьлла. Цхьайолу ресурсийн шеконаш хилира тобанан дIахьедар бакъ хиларх, делахь а тIаьхьо йаржийначу информацица цIе ца йаьккхинчу америкахойн даржхошна тIетевжина тIечIагIдира The New York Times а, CBS News а гIирсаша. Церан хаамашца, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка хьалхо талламчийн хаамаш кхаьчнера Афганистанера ДаIишан ИГИЛ-К декъо кечдеш хила тарло тIелатар аьлла.

ТIаьххьарчу шина шарчохь ИГИЛ-К "Оьрсийчоьнна тIейирзина", шен пропагандехь президент Путин Владимир йемалвеш, дIахьедира The New York Times газете талламехула а, кхерамзаллехула а глобалан консалтинган компанин терроризмаца къийсам латточу Soufan Group тобанера аналитико Колин П. Кларка. Цуьнан дешнашца, ИГИЛ-К тобанан гIаттамхоша Оьрсийчоьнан Iедалхошна бехкаш дохку, церан куьйгаш тIехь Афганистанера а, Нохчийчуьра а, Шемара а бусалба нехан цIий ду бохуш.

"Коммерсант" газето хаамбина, ницкъахошка буса ориентировкаш кхочура, цу тIехь йаздора, террорхой – кегийннах бу, лекхачу дегIахь, тера ду цара тIейехкина мажош а, мекхаш а лелийна хилла. Baza, "Осторожно, новости" телеграм-каналаша Iуьйранна йаздира Брянскан кIоштахь шеконашца шиъ лаьцна аьлла- тIечIагIбазчу хаамашца, уьш хила тарло Таджикистанера бахархой; Iедалхоша оцу хаамашна комментарий ца йира.

ТIаьхьо Оьрсийчоьнан ФСБ-н директоро Бортников Александра дIахаийтира президенте 11 стаг лацарх, царлахь виъ террорхо хиларх а.

"Исламан пачхьалкх" Кавказехь

Къилбаседа Кавказехь Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша "къайлах лела гIаттамхойн тобанаш хIаллакйина" бохуш чIагIдахь а, кест-кеста дIахьедо "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан агIончаш лецна шаьш олий. Уггар а резонансе дара Карабулакера нах бехачу комплексехь хилларг зазадокху-беттан йуьххьехь. Ницкъахоша чIагIдарца, цара хIаллаквира даIишхойн йалх "агIонча".

Вийначех кхоъ лоьхуш хиллера 2023-чу шеран бIаьста полисхошна тIелатар дина ву аьллачу шеконашца. ХIетахь йалх вара лаца кхайкхийна ГIалгIайчуьра 22 шарна тIера 35 шаре кхаччалц хан йолу, царех шиъ тIаьхьо вийна карийра, кхин а шиъ лецира. Кремльна гергарчу хьасташа хаамбарца, Карабулакехь вийра Гуражев Iамирхан – бехке хеташ хиллачу виссинчу шиннах цхьаъ. ТIаьххьара лоьхушверг – Оздоев Адам – карийна вац; ГIалгIайчуьра МВД-но дIахьедира, цуьнгахь герз а ду, иза кхераме а ву аьлла.

Кавказ.Реалии редакцин хьасташа Карабулакера тIом бирзинчул тIаьхьа хаийтира, байъинарш "Исламан пачхьалкхаца" боьзна хиларх шайн йолчу шеконех.

"Оцу петар чохь вийна шиъ вевзаш вара суна, радикализме хьежамаш бу аьлла, цкъа а царех шеко хилла йацара, - дIахьедира къамелдечо. – Цхьа йуьстах идейш йолуш ву аьлла, цхьа а билгало йацара тIехула гуш Берсан [Чемурзиев ву иза, шен хIусамехь цо гIаттамхой лачкъийна хилла бехира]. ЧIогIа оьзда, гIиллакхехь вара иза, ткъа даIишца болу нах – йисттера хьежамашца нах бу".

Терроризмаца кхачам боллуш къийсам ца латторна а, хьал эвсара ду боху, сурт хIитторна а хилла бохам бу

Къилбаседа Кавказера къайлахчу сервисаша къаьсттина сих-сиха дIахьедо "Исламан пачхьалкхаца" доьзна зуламаш даьстина шаьш, уьш зулам дан кхиале бохуш. Масала, зазадокху-беттан 12-чохь террорхошца воьзна ву аьлла таIзар дира Ставрополера вахархочунна Лебедев Владимирна – цунна колонихь даккха 10 шо кхайкхийра. Цул а хьалха дуьйцура Ставрополехь "террорхойн организацин агIонча" лаьцна аьлла, кIоштара Iедалхойн урхаллина уллохь эккхийтар дан гIертара иза бохура.

Чиллан-баттахь даIишца воьзна ву аьлла итт шой ах шой туьйхира ГIебарта-Балкхаройчоьнан вахархочунна Цеев Нурмухьаммадна. Официалан версица а догIуш, телефона тIехь дIайаздина хиллера цо даIишна ваIда деш.

Цул а хьалха Къилбан гонашкара тIеман кхело бехке лерира ИГИЛ-ца воьзна ву, МВД-н гIишлона тIелатар кечдеш хилла аьлла Пятигорскера ши вахархо – царна 12 шой, 12 шой ахшой хенаш йиттира. ФСБ-но чIагIдарехь, гIаттамхой бара бохучаьргахь талламаш бечу хенахь карийнера оьккхуьйтург йен гIирс, террорхойн билгалонаш а. "Сапа Ставрополье" телеграм-канало хаамбарехь, таIзар динарш хиллера Арзуев Искандер а, Холматов Аслиддин а. Бехкана къера хиллера уьш.

Терроризм бакъйарна, "Исламан пачхьалкхана" пропаганда йарна а таIзар дира Адыгейра вахархочунна, цуьнан цIе официалехь йоккхуш йац. Кхело гIуда туьйхира цунна 800 эзар соьмана, сайташкахь администратор хила шина шарна а эхашарна а доьхкуш.

Оьрсийчуьра ФСБ-н гIишлона теракт йан кечамбеш хилла аьлла гIуран-баттахь Москвахь кхел йира йалх стагана (царех цхьаъ Дагестанера вара, биссинарш Таджикистанера бахархой). Официалан версица а догIуш, цара кхоьллинера боху "даIишца йоьзначу масех тобанхойн патронажца террорхойн йукъаралла". Бехкебечарна 16 шарера 22 шаре кхаччалц хенаш туьйхира.

Кремльна гергарчу информацин агенталлаша хаамбира цхьана 2023-чу шарахь Къилбаседа Кавказехь а, Оьрсийчоьнан къилбехь а иттаннашкахь таIзарш дарх "Исламан пачхьалкх" шайх олучу тобанхойн агIончаш хиллачарна. Дукха хьолахь сводкашкахь хьахайора Ставрополь, ишта Дагестан, ГIалгIайчоь, Кхарачой-Чергазийчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь, ишта Волгоградан а, Ростовн а кIошташкара бахархойн хьокъехь а гIуллакхаш хиларх хаамаш бу.

Цуьнца цхьаьна стохка даIишан агIончаш лийхира Архангельскан, Владимирскан, Новосибирскан, Свердловскан, Смоленскан, Челябинскан кIошташкахь а, ишта Алтайн махкахь а, ГIезалойчохь а, Удмуртехь а, Иркутскехь а, Санкт-Петербургехь а, Ульяновскехь а – аьлча а, йоллу Оьрсийчохь.

ГIуллакхаш луьсту моттийтар

Къилбаседа Кавказах дерг аьлча, бакъоларйархоша масийттаза билгалдоккхура, террорхойн, экстремистийн артиклашкахь цигахь дуьхьалдаьхна бехктакхаман гIуллакхаш нийсонца толлуш ца хиларх. Дагестанера къайлахчу сервисийн хиллачу белхахочо Наврузбеков Эмрана дийцира, нахана тIаьхьа муха буьйлу – цо дийцинера цхьаммо йойтучу терактех, "террорхой хIаллакбо а бохуш, нах байъарх", къизаллаш лелорах, герз а, наркотикаш а тийсарх а.

Нохчийчуьра гIаттамхойн дуьхьалойар лахделлачул тIаьхьа, шаьш йукъахйаьхна бохуш, ницкъахоша дIахьейен йоллу Къилбаседа Кавказера теракташ цара шаьш йеш йара, дIахьедира редакцига дозанал арахьа вехачу политолого Кутаев Руслана. "ФСБ-н агенташа кегийрхой Iехабора, къаьсттина чохь протесте буьйлучарех, шаьш дуьхьалонан векалш ду а бохуш. Даим а санна, нах гулбора эвлайистехь, цигахь тоьпаш тухура царна, цул тIаьхьа герз тосура цига, шаьш лоцучу заманчохь дуьхьало йира цара а бохуш", - дийцира Кутаевс.

ТIаьххьарчу иттех шерашкахь Кавказера бакъоларйаран органаша билггал лелош йара имитаци террорхойн а, экстремистийн а артиклашкахула, боху бакъоларйархочо, шен цIе къайлайахьа лиира цунна, "ца оьшучу" зорбанан гIирсийн хьокъехь лелаш репрессин низам хиларна.

Маса дозанаш дуьхьал даьхнашшехь, муха ка йаьлла церан бовда?

"Дуккха а хууш масалш ду, муьлш бу ца хуучу социалан машанашкара наха даIишхойн цIарах, йа гIаттамхойн цIарах Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а, Дагестанера а кегийрхошца зIене а буьйлуш, цаьргара "радикалан" дараш дохуш, цул тIаьхьа царна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш а дохуш. Оцу кепара терроризмаца беш болу тIом тамаш бу-кх билггал бу ала тарлахь а, йа и эвсара хилахь а", - тIетуьйхира къамелдечо.

Оцу заманчохь, цуьнан дешнашца, "Iаьржачу зонехь" буьссу Йуккъерчу Азера баьхкина эзарнашкахь нах. Цкъацкъа легалехь доцуш, коррупцин схемех пайда а оьцуш буьссура йаккхийчу Оьрсийчоьнан гIаланашкахь.

"Премеш, седарчий оьцуш, Къилбаседа Кавказера "террорхошца" ницкъахоша шайна марзйеллачу кепехула тIемаш бечу хенахь, пачхьалкхан шахьарахь белхан мигранташца долу хьал дола ца деш дуьсура. Цкъачунна хьалхе ду ала, билггал мила ву оцу бохамна бехке. Амма терроризмаца кхачам боцу къийсам латтош, иттаннашкахь оцу артиклашкахула бехктакхаман бух боцу гIуллакхаш дуьхьал а дохуш, хьал эвсара ду бохуш, сурт хIиттош леларо хIокху хьоле валийна бохург харц хир дац", - аьлла хета бакъоларйархочунна.

Вайнехан блогеро Белокиев Ислама, "Крокус Сити Холлера" терактана даIиш бехке хила тарло бохучух дуьйцуш, билгалдаьккхира, хIара верси тIечIагIйахь а, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисашка дуккха а хеттарш дуьссу аьлла.

"Оцу сохьта дозанаш дуьхьал даьхнашшехь, муха аьтто хилла тIелеттачийн бовда? Концертан залан йоллу дозана тIехь хIиттийна видеокамераш йу – хIунда ца гойту тхуна террорхойн йаххьаш? Цхьайолчу пабликаша ма-боххура, нагахь санна уьш Таджикистанера белахь, - тIаккха стенна боьлхуш бара боху уьш Украинаца долчу дозане? Шуьйра тIом боьдучу зоне. Цхьа баккъал а кечбина говзанчаш болуш санна хьийзара тIелеттарш, тIаккха стенна охьатийсина цара шайгара герз а, гIагIдиллина жилеташ а? Дуьхьал герзаш детташ уьш бовдарх машанехь хаамаш ма бац", - дерзийра къамелдечо.

  • Меттигерчу вахархочун Расулов Гаджимагомедан гIуллакх Дагестанера кхелехь хIинца кхоалгIа толлуш ду Иза бехке лаьрра террорхойн артиклехула, цул тIаьхьа бехказа а ваьккхина, дIахийцира. Эххар йуха а бехказавоккхуш бина сацам йухабаьккхира. Оцу тайпа вердикташ ца хилийта хьуьйсу кхелахой, хIунда аьлча, цо новкъарло йо ницкъахошна "терроримаца къийсам" латторах дIахьедан, кхетадо цунах бакъоларйархоша а, адвокаташа а.
  • ХIинжа-ГIалара номер 2 йолчу СИЗО-хь ша шена тоьхна велира Ставрополера вахархо Якубов Загир, 1999-чу шарахь Басаев Шемалан тобанхошца Дагестане чугIоьртина аьлла 14 шо хан тоьхна вара иза. Цуьнан хIусамнана ца теша, цо ша шена тIе куьйгаш даьхьна бохучух, цунна "гIо дина хир ду" дахарх хедаш аьлла хета цунна. Бакъоларйархой тешна бу, "террорхойн артиклашкахула" таIзар динчарна тIехь гIело хьегийтарх верси коьртаниг санна листа йезаш йу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG